Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

IX корта. ЗУЛАМ А, ЦУЬНАН ОРАМАШ А


(Абросимовн йозанаш)


Цамгаран бахьана дIадаккха,

тIаккха цамгар а дIайер йу.


Гиппократ


1


ГIаттаман чаккхе гуш йац. Синтем байна хьийза областан а, округийн а администраци. Лахарчу эпсаршна а хиъна хIара гIуллакх забарна доцийла. Цхьаьна мел кхеттачохь къийсaмаш хуьлу, хIокху гIаттаман бехкeниш а, бахьанаш а лоьхуш. Наггахь стаг нисло ма-дарра дуьйцуш. Амма дукхахболчара хIара нохчий шаьш бехке бо. Динан фанатизмо керстанашка цабезам кхоьллина, ткъа цул хIумма а кIезиг йоцчу сонталло уьш даим дIа вайна дуьхьал гIуьттуьйту, боху.

Оцу тIехь кхин цхьаъ а ду дуьйцуш. Шайн бусалба туркошца барт хилла нохчийн, хIара тIом болабелча, царна гIoьнна уьш гIевттина, боху.

Дукха хан йоццуш цкъа инарла-адъютант Свистунов Грозне веача, лакхара эпсарш гулбеллачу банкетeхь и гIуллакх йукъадаьлча, хIокху гIаттаман бахьанаш шена мичахь го дийцира цо.

Инарлин дешнаш дaлaдo ac кхузахь дуьззина, лахахь сайна хетарг аларца, и шиъ вовшашца дуста а, бакъдерг къасто а аьтто хилийта23.


* * *

– ХIаъ, господа, хIара нохчий сих-сиха вайн Iедална дуьхьалбийларан бахьанаш тайп-тайпана дуьйцу наха, – долийра инарлас. – Оцу гIуллакхан кIорге хьовса хьекъалдоцчара йа мало йечара цхьа тIехула ойла йо. Цхьаболчара боху, хIорш карзахбохурш Iедал нийса дIа ца лело вайн чиновникаш бу, ткъа кхечара – xIокху къоман динан фанатизм а, аьрта сонталла а лору. Хьалхарниг бух боцуш ду, хIунда аьлча хьалха кхузахь областан начальник хиллачу графо Лорис-Меликовс участкийн коьрте хьанала, догцIена, тешаме, хьекъале нах хIиттийна. Приставна хаьара, ша доггах гIуллакхдича, шена округан начальникан меттигна тIе некъ биллина буйла, ткъа цигара дIа – полкан командирна тIе. Цул сов, приставашка кхузахь доггах гIуллакхдайта, царна мохк а лора, алапал сов, дуккха а ахчанца гIо а дора, оьмарна пенсеш а хIиттадора. Цундела вайн лахара чиновникаш ларлора кхаьънашъэцaрх а, бахархошна тIехь кхечу агIор ницкъашбарх а.

ХIетте а, кхузара куьйгалхой, приставна тIера хьала областан начальникна тIе кхаччалц, мел хьанала адамаш хиллехь а, уьш бахархойн Iep-дахар мел тодан гIиртинeхь а, тIом чекхбаьллачул тIаьхьа даьллачу берхIитта шарахь нохчаша маситтазза а гайтира Iедале шайн цабезам а, мостaгIалла а. Иза шозза-кхузза даррехь гIаттаме а дирзира. Бакъду, и гIовттамаш массанхьа а ца баьржира, цхьацца маIIexь лилxина уьш сихха хьаьшна дIабехира.

ХІeтa, Ieдaлхойн куьйгалла а дац хIара нохчий карзахбохург. Экономикин хьелаш дуй-те вайга церан цабезам кхуллурш? Дац. Данне а дац. Дера, цаьргара, дикачуьра а боккхуш, ах мохк дIа а ма баьккхина, вай уьш лаьмнашка а ма таIийна. Делахь а, уьш къинхьегамна тIера хилар а, хIуманан тIалам болуш хилар а, церан доьзaлийн барт чIогIa хилар а бахьана долуш, Iep-дахар уьш реза ца хиллал вуон а дац нохчийн.

ХІeттe a, кхин гуш бахьана доцуш, вайга цабезам бу церан. Вайга аьлча-м, берриг а оьрсий йукъабогIу, иштта аьлча харц ду. Церан мостагIалла вайн халкъаца дац, ткъа вайн Iедалца ду. Ткъа иза иштта хилар банне а бехк бац xІокху тIаьххьарчу берхІитта шарахь кхузахь йолчу вайн администрацин. Иза хьалха хиллачу тIамах a, xIетахьлерчу Iедалхойн политикех а дисина ун ду. ТIамо мостагIалла кхуллу дуьхь-дуьхьал летачу шина халкъана йукъа. Амма оцу девнан тIаьхьенан ойла йеш хьекъале нах белахь, цара иза тIаьхьа машаре хирриг дерзадо. И ойла ца йинера xIетахь кхузахь гIуллакх динчу Iедалхоша. Уьш итт-ткъа, бIe шарна хьалха ца хьуьйсура, шайн оцу дийнан толаман бен ойла ца йора цара.

Хууш ду, оцу бехачу тIaмeхь Шемал даим хIокху нохчашна тIетийжаш чекхваьллийла. Нохчех хаьдча, изa мaсех бутт балале йийcape вeapa. Ламанхоша йеххачу хенахь вайн Iедална дуьхьал латтийначу къийсaмexь xIapa Нохчийчоь уггар дера а, уггар нуьцкъала а йара. Кхуза хьежадора вай вешан тоьлла эскарш, уггар майра а, говза а полководцаш. Кхузахь хилира вайн даккхий дараш а. Цундела хIара нохчий гуттаренна а къарбина, кIелсовцо Iалашо йолуш, тIаьххьарчу итт шараxь дIа мел лаьцначу лаьтта тIера уьш дIалоьхкуш, цигара хьаннаш йагош, тIеман чIагIонаш йугIуш, болх бира вайн командованис. Къарбелла кIелсевцнарш вайн тIеман чIагIонашна, станицашна улло кхалxабора, къармазениш лаьмнaшкa лоьхкура. ТIом чекхбаьлча, шатайпа сурт хIутту кхузахь. Нохчех дукхахберш хIокху лаьмнашкахь, хьаннашкахь гаттeхь буьсу, ткъа аренгара йарташ вайн станицаший, тIеман чIагIонаший шайн морзахашна йукъаIовду.

Лаьттaца йолу халонаш Кубанан областeхь вай гуттаренна а дIайехира, цигара цхьадолу къаьмнаш лаxxьийна, дисинчийн ах а Турце кхалхорца. ДегIастанахь а хIумма а вайна хало йоцуш дирзира и гIуллакх. Церан тIулган лаьмнаш вайна ца оьшура, цундела, цхьа масех штаб-квартира а йоьгIна, мохк бахархойн долахь битича, машар хIоьттира цигахь.

Нохчийчохь лаьттaца йолу къоьлла лахйан а, кхузахь машар хIотто а Іалашо йолуш, ах мукъане а нохчий Турцe a, Жимачу ГІeбарта а кхалхо гIоьртира вай, амма, цхьа пхи эзар доьзал Турце кхелхича а, и гIуллакх кхиам ца хуьлуш йукъахдисира.

Перейти на страницу:

Похожие книги