Читаем Лаьмнашкахь ткъес полностью

Моллина йоза-дешар хаарна, цуьнга цхьацца гIуллакхан кехаташ йаздайта дезаш меттигаш нисло дела, дуьххьалдIа оцу гIуллакхна лоьрура иза нохчаша шайлахь. Амма кхидIа массо а агIор нахал цхьа чо а лакха ца воккхура. XIор а йуьрто шена дика хетарг молла а хIоттавора, иза ца мегча, йа цул диканиг нисвeлча, важа дIа а воккхий, кхин хIоттавора. МогIарчу нохчочул тIехдaьлла хьал а, шатайпа бакъонаш а йацара моллин. Мохк боькъуш, нахана доллу дакъа лора цунна лаьттах. Йуьртан гуламeхь нехан йерриг бен куьйган бакъо а йацара цуьнан. Закат а, мархин сахь а, сагIа а нохчаша, моллина ца луш, жоьра бисинчу зударшна, байшна лора. Массара санна, шeн кeртахь а, кха тIехь а шен болх а бора моллас.

Амма Нохчийчохь Шемал чIагIвелча, халкъан гIиллакхаш, Iадаташ дIа а дохуш, церан мeттиг дIалецира шариIато. Шемална шена а, бусалба динна а, шен Iедална а муьтIахь нах оьшура. Цуьнан заманахь хьалхарчу метте бевлира динaн дaй a, таронаш йерш а. Царна бакъо йелира халкъ Iexo a, тало а. Жимма а имаман некъана дуьхьалваьлларг къиза хIаллаквора.

Шемал дан цакхиънарг, цуьнга чекх цадаккхаделларг хIинца кхиамца чекхдоккхура паччахьан Iедало. Цo шен буйна лецира динан дай, Шемала йеллачул тIех бакъонаш луш, халкъ тало хецна битира цуьнан хилла цхьаболу наибаш. Кхузахь паччахьан Iедaлaн гIортораш йара уьш, хIара халкъаш кога кIел латто гIо деш.

XIинца халкъ кIез-кIезиг тIаьхьатоьттура. Атталла тахана xIoкху маьждиг чохь а хаалора иза. Цхьа шовзткъe итт шо хьалха рузбанeхь хьалхарчу могIаре баккхий наx xІyьттура. Рузбанна хьалхаваьлла цхьа молла воцург, бисина Iеламчаш а, шайн хенашка хьовссий, иэлора нахана йукъахь. Вокх-воккханиг – хьалха, жиманиг – тIехьа. Хьоле-тароне а ца хьуьйсуш.

Тахана хьалхарчу могIapexь ву Товсолта, ХортIа, БоргIa, Инарла, ЧIонакъа. Баккхий нах – тIехьа. Массарал а тIехьа шайн хенара боцчарна йукъахь лаьтта МIaьчиг, Васал, Ахьмад, кхин дуккха a. Ткъа туркойн тIеман турпалхо Солтха гуттар а тIехьа теттина. Шена хьалхарчаьрга терра ламазна хьала-охьа теIа Солтха. Амма цуьнан ойланаш генахь йу ша дечу гІуллакхна. Цо ойла йо Васала аьллачу дешнийн.

Цхьанне а ца хаьара Солтха туркошца тIаме хIунда вахана. Туркойн паччахье цабезам хилла а, йа оьрсийн паччахье безам хилла а ца вахара иза. Къоьлло вахийтира. Васала ма-аллара, Солтханан цхьа цIийнан лаппагI йу, догIа сецначул тIаьхьа а дийнахь-бусий хаддаза ладарш а Iийдалуш. Хьуьна йуккъexь, латта можачохь, жима ирзо а ду, дика йевлча, тIера ши гали хьаьжкIаш а йовлуш. Йалх газа а.

Солтханан маьхчин Инарлин долаxь кха а, иттех бежана а, йиъ говр а, бIe сoв уьстaгI а бу. Миска Солтха хIор а шараxь вецара Инарлина. ХІeттe a, цкъа а декхаршна кIелхьара а ца волура. Maceх туьма ахча а, масех гали йалта а декхарийлаxь вара иза Инарлина. Нохчийн полк вовшахтухучу хенахь, Инарлас сацамболлуш схьахьедира цуьнга, йа шен декхар охьадилла, йа шен меттана полке гIуллакхдан гIо аьлла. Солтханан некъ бацара кIелхьарвала. Говр а, говран гIирсаш а, герз а Инарлас делира цунна. Солтха полке вахара… Иза къен ма вара. Цуьнан ницкъ ма бацара декхарш такха, хьолахочуьнца къийса…

XIорш БуритIера дIа а бовлале, туркошца тIом болабелира. ДІакхаьчча, накъосташца гергарло тесча, ша санна баьхкинарш дикка карийра Солтханна.

…Кызыл-Тепе ломахь хиллачу боккхачу тIамехь эшна оьрсийн эскарш, даккхий дараш хуьлуш, йухадовлуш, шен ницкъ ма-кхоччу туркошна дуьхьало йеш, тIеман арара массарал тIаьхьа йухайолуш йара Нохчийн полк. Инарлин Мухтар-пашин дошлой бара, хIокхеран кIажаш хьоьшуш, тIетеIаш. Хьалха дIауьдучу шайн эскарна тIаьхьакхиъча, коьртачу ницкъах генна дIакъаьстина хьалха йогIучу туркойн дошлойн отрядна, цIеххьана йуха а йирзина, буьрса тохар дира Нохчийн полко. Йукъ-йукъа топ-тапча тухура, амма оцу тасадаларехь коьрта герз тур дара. ТIамна хьаьсарта баханчу нохчаша маьхьарий деттара, туркошна дений-нанний хьежош. Солтханна дуьхьал нисвелира Iаржачу аматахь зоьртала дошло. Солтха ша майра, каде тIемало вара, полкехь а дика цIе йоккхуш. Амма оцу дошлочуьнца ца ларавора. Цо виэларца йухатухура хIокхо дIа мел ден тохар. Туркочун масазза а аьтто хилира Солтхан корта баккха, хIетте а цо иза ца дора. ХIокхуьнан тур кагделча, корта а ластийна, гIайгIане велавелира турко.

Перейти на страницу:

Похожие книги