Читаем Дарц полностью

Дудниковс аьллачух ца кхеташ, цецваьлла цуьнга дIахьаьжира Григорчук.

– Ахь хIун къизалла йуьйцу, капитан?

– Бехке доцу адамаш дайар.

– Цара цхьа гIалагIазкхи вер, кхаанна чевнаш йар бехк ца лору ахь? TIе, урядник Тонкогубов велла хила а мега.

– Герзаца дуьхьало йинарг а, гIалагIазкхи вийнарг а, кхаанна чевнаш йинарг а ши гIалгIа ву. Вукху кхаангахь герз а дацара, цара дуьхьало а ца йинера. Царах цхьаъ хьан ден ден хенара къена стаг вара. Цунна а тохийтира ахь!

– Сайн омранах дош ас айсса лур ду.

– Хьоьга жоп а доьхур дац, ахь жоп а лур дац. Ахь тешаш ма ца битина. Хилларг хилла даьлла, иза нислур дац. Амма кхидIа сан бертахь бен омра ма лолахь.

– Господин капитан, – кIоршаме вистхилира Григорчук. – Сайн гIалагIазкхийн бIона а, салтийн ротина а омранаш луш кхузахь со цхьаннах а дагавийла ца оьшу, моьтту суна. Сан цхьа хьаькам ву – Вербицкий. Иза воцчохь со сайна хьаькам ву.

– ХIокху операцин куьйгалхо а, хIокхуьнан тIаьхьалонах жоп дала дезарг а со хилар ахь а ма дицделахь, капитан!

Григорчукан морзгалша къарзйина йуьхь кIайелира.

Оцу хьалхарчу дийнахь цаьршинна йукъайаьхкина галморзахаллаш шолгIачу дийнахь йуха а дIайуьйлайелира. ХIинца тIеман кхеташонехь. Отряд хьалха тIекхача йезарг гIалгIайн кIотар ЦIopxe йара. Дудниковс шен агентурехула хьалххе гулбинчу хаамашца, оцу кIотарахь, Габис цIе йолуш, цхьа стаг вара, Зеламха кест-кеста тIевуссуш. Дудниковс Iалашо хIоттийра, кIотарна цIеххьана го а бина, цIийнах а хьовсуш, герз схьадаккха. Цигахь Зеламха хила а, иза вацахь, обаргаш хила а тарло, бохура цо. Григорчук дуьхьал вара. Дудниковн план кхочушйан доьлча, цигахь де дайа деза, бохура. ТIаккха отряд кхуза кхачар лаьмнашкахь даьржар ду, обаргийн гIepaнаша, цхьаьна а кхетта, кIелонаш йеш, тIелеташ, отрядана зенаш дийр ду. Цундела, иза ца хилийта, цIеххьана кIотарна тIе а летта, цигара боьрша нах лецна, отрядаца дIабига беза, цаьрга лаьмнашкахь эладита ца даржадайта.

Дукхахболу эпсарш Григорчукехьа бевлира.

Ах бIе гергга цIа долу ЦIорхе Iacca йистехь, ломан басенца йаьржина, Iуьллура. Кхузара цIенош тайп-тайпанчу коьчалех дина дара. Пенаш тIулгех дуттуш а, буьйдачу кибарчигех а, серагех дуьйцина тIе поппар хьаьхна а. Наггахь тхов герагца къевлина, дукхахдерш тIе латта тесна а. Цхьадолу цIенош тIе ворда йахалуш гаттий некъаш дара, дукхахдерш – гIаш бен тIе ца вахалуш.

Авангардехь богIу гIалагIазкхий кIотаран гаттийчу урамашкахула дIасабаьржира, цхьа а Iалашо йоцуш тоьпаш а йетташ. Цхьаболчара баттара даьхна тарраш лестадора, маьхьарий а хьоькхуш. ТIаьхьа тIекхиъначу салташа мосазза а пулемет туьйхира кIотарна тIехула. КIотарахь зударийн а, берийн а маьхьарий, цIогIанаш хезара. Шаьш хIун до а ца хууш, керташкахула, урамашкахула ида боьлла уьш, божарша човхийна, цIенош чу а лаьхкина, дIалевчкъира. ГIалагIазкхашна а, салташна а тIекхийсалуш, дарделла летара жIаьлеш. Уггар къармазенаш тарраша а, дIаьндаргаша а дIатедора.

Шина цIа чуьра цIеххьана схьатоьхначу тоьпаша масех салти а, гIалагIазкхи а вожийра. Оцу шина цIенна тIе масех минотехь пулеметаш а йиттина, гIишлошна, дитташна тIехьа а лечкъаш, уьдуш, текхаш, тIебаха гIоьртира салтий. Амма цIенош чуьра схьа нийса йеттачу тоьпаша уьш улло ца буьтура.

КIотара чу а ца воьдуш, йисттехь, комарийн къеначу дитта кIел тергаман меттиг а лаьцна, цигара дIа операцина тIехь куьйгалла дора Дудниковс. Агенташа шега дийцина Зеламха тIевуссуш долу цIа муьлха ду, ца хаьара цунна. Лаьцна цхьа гIалгIа шена тIе а валавайтина, цуьнга иза дийцийтира цо. Чуьра схьа герз деттачу шиннах цхьаъ хиллера иза.

Ломан басешкахь, гаттийчу, гомачу урамашкахь говраш тIехь лела хала а, кхераме а хиларна, гIалагIазкхаша шайн говраш, кIотарна йисте а йигна, кертех дIа а йихкина, уьш ларйан ши гIалагIазкхи хIоттийра. Цхьана цIа чуьра схьадетта герз сецча, гIаш бевллачу гIалагIазкхашца цунна го бира Григорчука. ЦIа чуьра схьа герз тухий хьовса корашкахула чу тоьпаш йиттира цара. Амма цIа чуьра схьа топ ца туьйхира. Григорчука ойла йора: «Къайллах арабевлла, бахана-те уьш? Йа байъина-те? Йа патармаш кхачийна-те? Йа цхьана хIилланна дIатийна-те?» Дикка ойла йинчул тIаьхьа цунна дагадеара кхузарчу бахархойх цхьа-шиъ цIа чу вахийта. Сихха ваханчу гIалагIазкхичо луларчу цIеношкара воккха стаг а, зуда а далийра. Нохчийн мотт хуучу гIалагIазкхичун гIоьнца оцу шинга омра дира Григорчука:

– ЦIа чохь дийна нах буй, хьовса. Дийна бацахь, церан герз схьада, – Iуьттуш-тоттуш, и шиъ цIа чу дахийтира цара.

Воккха стаг сихха аравелира.

– Вийна кхо стаг Iуьллу цIа чохь, – элира цо.

ТIаьххье, Iадийна, мохь хьоькхуш араиккхира зуда.

– Вай, орцах довлийша! Сан кIант вийна хIокху Делан мостагIаша!

ТIаккха, куьйгийн пIелгаш даржийна Григорчукана тIе а кхетта, цхьана куьйга цуьнан коьрта тIера йеха месаш ийзош, вукху куьйга йуьхьах мIараш тийса йуьйлира.

– ДIадала, йешап! – мохь оьхура Григорчукан.

Цунна гIоьнна веара цхьа гIалагIазкхи. Амма зудчо Григорчук дIа ца хоьцура.

– Коьртах хIyмa тоха цунна! – омра дира Григорчука.

Перейти на страницу:

Похожие книги

Хромой Тимур
Хромой Тимур

Это история о Тамерлане, самом жестоком из полководцев, известных миру. Жажда власти горела в его сердце и укрепляла в решимости подчинять всех и вся своей воле, никто не мог рассчитывать на снисхождение. Великий воин, прозванный Хромым Тимуром, был могущественным политиком не только на полях сражений. В своей столице Самарканде он был ловким купцом и талантливым градостроителем. Внутри расшитых золотом шатров — мудрым отцом и дедом среди интриг многочисленных наследников. «Все пространство Мира должно принадлежать лишь одному царю» — так звучало правило его жизни и основной закон легендарной империи Тамерлана.Книга первая, «Хромой Тимур» написана в 1953–1954 гг.Какие-либо примечания в книжной версии отсутствуют, хотя имеется множество относительно малоизвестных названий и терминов. Однако данный труд не является ни научным, ни научно-популярным. Это художественное произведение и, поэтому, примечания могут отвлекать от образного восприятия материала.О произведении. Изданы первые три книги, входящие в труд под общим названием «Звезды над Самаркандом». Четвертая книга тетралогии («Белый конь») не была закончена вследствие смерти С. П. Бородина в 1974 г. О ней свидетельствуют черновики и четыре написанных главы, которые, видимо, так и не были опубликованы.

Сергей Петрович Бородин

Проза / Историческая проза