Читаем Дарц полностью

Зоьрталчу гIалагIазкхичо, варзап санна, боккха буй коьртах а тоьхна, охьайожийра йоккха стаг. Цо мIapaш тийсина йеринчу шен йуьхьах куьг хьаькхира Григорчука.

– НеIалт хуьлда хьо йешапна! – синкхетамах йаьлла Iуьллучу зудчунна чоьже мийра туьйхира цо.

Морзгалша къарзйина Григорчукан йуьхь кхин тIе а эрчайаьккхинера зудчо.

Воккхачу стага цIа чохь дийна стаг вац бахахь а, ларвалар эрна ца хетта, шел хьалха ши гIалагIазкхи чухьажийра Григорчука. Хьалхарчо неIсагIех чоьхьа ког ма-баьккхинехь, цIа чохь топ йелира. Шен карара топ дIа а хецна, шинне куьйга гай а лаьцна, шалха а вахана, цкъа голаш тIе охьа а лахвелла, тIаккха ша волччохь дIахаьрцира гIалагIазкхи. ТIаьхьарчо цIа чу топ туьйхира.

– Кхин дийна стаг вац хIокху чохь, хьан оьздалла, – элира цо, схьа а вирзина.

Григорчук цIа чу велира. Кора уллохь шиъ а, неIарна дуьхьал сонехь цхьаъ а – кхо дакъа Iуьллура цIa чохь. Царна уллохь цIенкъахь бердангаш а Iохкура. Оцу сонехь Iуьллучунна чIогIа чов хиллачух тера дара. Хетарехь, текхна неIарна дуьхьал соне а вахана, шен берриг ницкъ тIе а гулбина, хьалха гучуваьллачу гIалагIазкхичунна тIаьххьара патарма тоьхнера цо.

Шена тешнабехк бинчу воккхачу стагана таIзар дан дагахь араваьллачу Григорчукана, арахь йа иза а, йа йоккха стаг а ца карийра. Воккха стаг лаха луларчу цIа чу вахара иза. Кхераделла, синош даьхьна ши зуда а, жима кIант а карийра цунна. Воккха стаг тIепаза вайнера.

Лаха чохь тоьпаш йуьйлуш, пулемет йетташ, гIалагIазкхийн, салтийн маьхьарий хезира Григорчукана. Охьа чухьаьжча, цунна гира Алкунехьа боьдучу новкъа дIайевдда йоьлху ах бIе гергга говраш. Чов хиллачун дола дар гIалагIазкхашна тIе а диллина, басех чу охьахьаьдира Григорчук.

ШолгIачу цIа чохь къовлавелла пхи обарг веддера. ЦIенна гo бинарш неI а, кораш а тергалдеш, цигахула чу герзаш детташ Iашшехь, цIа чуьра хьала цхьацца тхов тIе а волуш, цIийна тIехьарчу aгIop чу а буьссуш, бешарчу йарашна йукъахула текхаш гонна йукъара а бевлла, дуьрстанаш хедош, гIалагIазкхийн говраш дIа а хецна, говраш тIехь дIабахнера. Кхузахь деттачу герзаша хьере йина, вукху пхеаммо йетташ карзахйаьхна, мераIуьргаш а сийсош, терсаш Алкунехьа боьдучу новкъа дIахахкайеллера говраш. Йисинчу говрашкахь тIаьхьабевллачу гIалагIазкхаша, хала схьалоьцуш, йухайалийра уьш.


6


Таллархойн ханна отрядан хьалхарчу операцин жамIаш белхаме хилира. Хьалхарчу дийнахь цхьа гIалагIазкхи вийна, кхаанна чевнаш йина. Обаргаша кIело а йина, тIелатар дина а ца йинера и чевнаш. Ши рота гepгга салтийн гIалагIазкхийн бIон мера кIел машаречу шина некъахочо йинера. ЦIорхехь, ах бIе гepггa цIа долчу жимачу кIотарахь, йалх гIалагIазкхи а, итт салти а вийна, берхIиттанна чевнаш йина. Ткъа отрядо вийнарг кхо разбойник, ши стаг, цхьа зуда, ши бер ду. Вийначу шиннах цхьаъ Дудниковс лоьху Габис вара.

Дудников воьхна а, дарвелла а хьийзара. КIотара чохь а, гo бина а лаьттачу виъ бIе гергга салташна а, гIалагIазкхашна а йукъара а ваьлла, пхи обарг вахана гIалагIазкхийн говрашкахь. Уьш ларъеш волу ши гIалагIазкхи а вийна.

Операци Дудниковна эхье чекхйаларх къайллах воккхавера Григорчук. XIapa разбойникийн дIаьндаргашна йуккъехула кIотарахь ведда-хьаьдда лелачу хенахь, шех Наполеон тарвелла, кIотара йистехь, дитта кIел хиъна Iийна Дудников. Сонтачу омранашца геланчаш дIаса а хьежош.

Цхьанхьара лехна схьавалийначу йуьртдега дитт долчу дIагулбайтира кIотарара боьрша нах.

– Зеламха варий сийсара кIотарахь? – буьрса хаттар дира Дудниковс тобане.

Тобанах схьа а къаьстина, Дудниковна хьалха хIоьттира йуьртда.

– Вацара. Тхуна хууш, цкъа а хIокху кIотарахь а ца хилла иза.

– Делах тешаш вуй хьо?

– Делах тешаш ву со, Дала мукъалахь.

– Ткъа ахь аьшпаш хIунда буьтту, къена газа?

– Ас аьшпаш ца буьтту. Суна хууш, цкъа а хIокху кIотарахь ца хилла Зеламха.

– Иза кест-кеста Габис волчу хьошалгIа вогIуш хилар суна ма хаьа ткъа? Кхузахь вехаш волчу хьуна хIунда ца хаьа? ТIе, дерриг а хаа дезаш, йуьртда а ма ву хьо.

– Ца хаьа суна. Кхузарчу бахархошна цхьанна а ца хаьа. Зеламха кхуза вогIуш хилча, цхьанна ца хууш дуьсур дацара.

– Оцу шина цIеношкара схьа тхуна дуьхьал тIом бинарш муьлш бара? Обаргаш бацара уьш?

– Обаргаш бацара. Хьеший бара.

– Шаьш тIебиссинчу хIусамехь хьешаша тIом беш гIиллакх маца дуьйна ду шун?

– Цкъа а ца хилла. ХIинца а дац.

– ТIаккха шаьш тIебиссинчу хIусамера схьа паччахьан салташна герз хIунда диттина оцу хьешаша?

– Цкъа-делахь, цIеххьана йуьрта а лилхина, герзаш диттинарш салтий бара. ШолгIа-делахь, хьешаша йекхнарг чIир йу…

– XIyн чIир?

– Аш селхана вийначу пхеа гIалгIачун чIир. Церан гергара нах бара уьш, кхузахула чекхбовлуш, делкъе йан севцца…

Букъа тIехьа ши куьг лаьцна, шозза-кхузза дIаса а волавелла, йуьртдена хьалха сецира Дудников:

– И разбойникаш аш йуьрта битарна, ас шайна хIун таIзар дийр ду, хаьий шуна? Шун йуьртах чим бийр бу ас!

– Уьш хьеший бара. Хьаша хIусаме ца вита бакъо йац тхан…

– Уьш разбойникаш бара! Разбойникашна хьошалла леладе аьлла, гIиллакх дац шун къоман!

– Уьш машаре нах бара. Бехк-гуьнахь доцуш, шайн пхи стаг аш вийча, чIир йекха арабевлла!

Перейти на страницу:

Похожие книги

Хромой Тимур
Хромой Тимур

Это история о Тамерлане, самом жестоком из полководцев, известных миру. Жажда власти горела в его сердце и укрепляла в решимости подчинять всех и вся своей воле, никто не мог рассчитывать на снисхождение. Великий воин, прозванный Хромым Тимуром, был могущественным политиком не только на полях сражений. В своей столице Самарканде он был ловким купцом и талантливым градостроителем. Внутри расшитых золотом шатров — мудрым отцом и дедом среди интриг многочисленных наследников. «Все пространство Мира должно принадлежать лишь одному царю» — так звучало правило его жизни и основной закон легендарной империи Тамерлана.Книга первая, «Хромой Тимур» написана в 1953–1954 гг.Какие-либо примечания в книжной версии отсутствуют, хотя имеется множество относительно малоизвестных названий и терминов. Однако данный труд не является ни научным, ни научно-популярным. Это художественное произведение и, поэтому, примечания могут отвлекать от образного восприятия материала.О произведении. Изданы первые три книги, входящие в труд под общим названием «Звезды над Самаркандом». Четвертая книга тетралогии («Белый конь») не была закончена вследствие смерти С. П. Бородина в 1974 г. О ней свидетельствуют черновики и четыре написанных главы, которые, видимо, так и не были опубликованы.

Сергей Петрович Бородин

Проза / Историческая проза