– Батоно Зеламха! Со Вербицкий вац! Со гуьржийн совдегар ву… чIагIар духкуш… Хьуна дезахь, ахча а ду соьгахь…
Вист ма-хилли иза гуьржи вуйла хиъначу Зеламхас, куьг а ластийна, витира иза.
– Хьо мила ву? – дегIана эгIазечунна тIевирзира иза.
– Со машенан шофер ву, господин Зеламха… – берчаш xIиттинa, силамаша Iарждина ши куьг хьалха кховдийра вукхо.
Иза а тергал ца веш, витира Зеламхас. ТIаккха мозгIаре хьаьжира иза.
– Со Делан лай, священник ву, господин Зеламха…
– И месаш, маж-мекх тIелатийна-м дац хьан?
– Дала ларвойла иза дечух! Дала сайна делларш ду ас лелораш! – буйна а къевлина, маж дIасаозийра мозгIара.
– Теша со. Шу кхоъ дIагIо.
Коьртахь кIайн шляпа а, тIейуьйхина кIайн-Iаьржа моханаш йолуш костюм а, беха буьхьигаш болуш мачаш а йолуш, халла хаалуш бухь сеттина, йуьхь тIехь цхьа а чо боцуш волу стаг цхьа гIулч тесна хьалхавелира.
– Господин Зеламха, со Вербицкий а, йа oьpcи а вац. Француз ву со. Циркан артист. Фокусник. Машен тIехь йисина ши йоI сан ассистенташ йу. Хьажал, сан говзалла xIapa йу!
Дуьлуш санна, вовшех а хьакхийна, цо куьйгаш схьадиллича, керайуккъехь xIоa дара. ТIаккха тIе а вахана, и xIoa цхьана обарган кисанара схьаийцира цо. Йаьсса шляпа обаргашна дIа а гайтина, бертал йиллина, тIехула куьг а хьовзийна, схьа а эцна, цунна чуьра бес-бесара, тIаьхье ца хедаш, ленташ схьадаха вуьйлира. TIе а воьдуш, цхьана обарган кисанара хIуманаш кхечуьнан кисанара а, четара а схьайохура. Обаргийн маьхьарий оьхура:
– ОстопируллахI!
– Делан болх бу-кх!
– Бозбуанчалла!
Иза шена дуьххьара гуш делахь а, ша мел цецваьллехь а, иза ца хоуьйтуш, цуьнга лерина хьоьжура Зеламха. Артистана баркалла а аьлла, букъах куьг тоьхна, дIахьажийра цо.
ХIинца цхьаъ висинера пхеаннах.
2
Куьцечу дегIахь, цIена маж-мекх даьшна, горго йуьхь йолуш, шовзткъа шо гергга хенара безамехь стаг вара иза. ТIехь Iаьржачу исхаран костюм а, коьртахь фетран Iаьржа шляпа а, когахь Iаьржа туфлеш а йара цуьнан. Аьрру пхьаьрсах тесна кIайн плащ, каралаьцна, Iасанан санна, хьаьвзина мукъ болу Iаьржа четар а. Кхузахь хуьлуш дерг боккхачу тидамца тергалдеш, вист ца хуьлуш, йуьстах xIоьттина лаьттара иза.
Иза Шаляпин Федор вара.
Зеламхин дахарх, хьуьнарех лаьцна дуьйцуш хезнера цунна. Зеламхас Пачхьалкхан Думе йаздина кехат а дешнера цо газет тIехь. БуритIа кхаьчча, цунна хиира, Вербицкий коьртехь а волуш, Зеламхина тIаьхьа толлуш, таIзархойн йоккха отряд хилар а. Вербицкийс цуьнга йаздина оьзда доцу кехат а дешнера цо, хIинца Зеламха и шен мостагI лоьхуш хилар а хиънера.
Къечу доьзалехь винчу, бераллехь дуккха а халонаш лайначу, къинхьегаман халкъах схьаваьллачу Шаляпинан деган кIоргехь бовха безам бара оцу гIараваьллачу декъазчу обарге. Амма цунна цкъа а дага а ца деанера, иза шена гур ву аьлла.
«ХIан-хIа, хIapa а дац Вербицкий боху зуд, – ойла йора Зеламхас. – ХIокхуьнан йуьхь-сибат шатайпа ду. Адамалле йуьхь-сибат, къинхетаме, гIайгIане бIаьргаш, майра хьажар. Къиза, йамарт, стешха стаг иштта ца хуьлу…».
Цаьршиннан хьажар дуьхь-дуьхьал нисделира. Шаляпина корта таIийра.
– ГIараваьлла Зеламха, – элира цо, догцIена велалуш. – Сайна мел ца лаахь а, хьан дог дохо дезар ду сан. Со а вац хьан мостагI Вербицкий.
– Хьо мила ву ткъа?
– Ас цIе йийцарх, со вевзар вац хьуна.
– Хьо эпсар воцийла, хаьа суна. Совдегар, инженер, хьолахо – мила ву хьо?
– Иза а, важа а вац. Со артист ву. Илланча. Шаляпин Федор. Сан паспорт машен тIехь чамди чохь дисина.
Зеламхас, тIе а вахана, куьг лецира Шаляпинан. ТIаккха вертанехьа куьг хьажийра: