– Тхуна моьттура, хьо хьекъале, доьналле, майра стаг ву! Генахь лоькху зурма хазахета бохург хилла-кх иза! Ткъа хьо, Iовдал тентаг хилла ца Iаш, кIилло а, кехатех ловзаран, маларан, зударшца сакъераран бен бала боцуш, йеса хIума а хилла. Зеламхас, ша ГIизлара вогIу аьлла, де билгалдеш, хьайга кехат даийтича, иза ГIизларера банк тало нах гулбеш ву аьлла, Стрижевс хьайга хьалххе хаам бича, хьайн отделера дIа хIунда ваьллера хьо? Кхузахь малар муьйлуш, кехатех ловзуш, мехкаршца хелхавуьйлуш, хIунда Iийнера хьо? Зеламха ца вевзара хьуна? Айхьа иза сийсазвича, цо хьайх бекхам оьцур буйла ца хаьара хьуна? Иза хаа хьекъал дацара хьан? Йа и хууш, веддера хьо хьайн отделера? Хьан отделехь итт эзар гIалагIазкхи, салтийн гарнизон, гIалин полици, пурстоьпан стражникаш ма бара. Оцу ницкъашца лоцур вара хIаваэхула тIомаваьлла воьдург а. Лоцур вара, цигахь шу Iовдалийн, кIиллойн метта кхин нах хиллехь! Хьан гIоьнча а, гIалин хьаькам а хилла селхана малар мийлина, синкхетамах ваьлла Iуьллуш. Шу Iовдалш бахьана долуш, ткъе шийтта салти а, банкан казначей а вийна, маситтанна чевнаш йина. Ткъа Зеламха шен разбойникашца цхьаьна, церан догIмех цхьа мерцхалг а ца доккхуьйтуш, дIавахана! ГIалагIазкхийн, Россин эскаран сий дайъина аш! Хьуна а, хьан гIоьнчина а тоьпаш тоха йезара, жIаьлешна санна. Амма и кхел оха суьде йойтур йу!
Вербицкийс, вист а ца хуьлуш, ладуьйгIира карзахваьллачу элин йаппаршка. Цо дог диллинера шен гIуллакхах. Кхуза областе вогIуш баккхий сатийсамаш бара цуьнан. Хастам а, инарлин чин а. Ткъа хIинца, шен долчух ваьлла ца Iаш, эхье суд лаьттара цунна хьалха…
***
ЦУЬНАН ИМПЕРАТОРСКИ ВОККХАЛЛИН
КАВКАЗЕХЬ НАМЕСТНИКЕ
1910 шо, 8 июнь
Буру-гIала
ХIокху шеран 1-чу январера 15-гIа май кхаччалц Теркан областехь разбойникийн гIерано ши тIелатар дина: 9-чу январехь Соьлжа-ГIаларчу вокзалана а, 23-чу мартехь – ГIизларерчу банкана а. Оха гулбинчу хаамашца, гIеранна коьртехь шоззе а Гушмазукаев Зеламха хилла.
Вокзалана тIелатар кхиамца чекхдаьлла, аьчганекъан администрацис а, некъ ларбан декхар долчу комитето а шайн декхарш кхочуш цадар бахьана долуш.
ГIизларера банк талорна а, маситта стаг вийна разбойникийн гIера, цхьа а тайпа новкъарло йоцуш, кIелхьарйаларна а бехке ву ГIизлара отделан начальник, эскаран старшина Вербицкий.
1
Зуламхойх, авантюристех, цIа-цIе доцуш бевлла лелачу нахах а, маларчех а вовшахтоьхначу таллархойн ханна отрядан ницкъ ца кхечира шена хьалха хIиттийна декхарш кхочушдан. Цара йарташ талайора, бехк-гуьнахь доцу нах бойура, лоьцуш, набахтешка кхуьйсура, амма Зеламха а, цуьнан обаргаш а байа йа леца ницкъ ца тоьура. Оцу тIехь вегира, йуьхьанца халкъан турпал вина, хестийна атаман Вербицкий.
Теркан областан а, Кавказан а администрацис кхин тактика, кхин стратеги лоьхура. Иза а, важа а каро царна гIо дира гIалгIаша вийначу Несара округан начальникан полковникан Митникан метта хIоттийнчу Андронниковс.
Полковник Андронников гвардин эпсар вара. Хиллера. Амма кхузахь цхьанна а ца хаьара иза гвардера мукъаваккхаран бахьана. Дукхахьолахь, гвардера дIабоху эпсарш йа маларе марзбелларш, йа кехатех ловзурш, йа кхахьпалла лелораш, йа эскаран долаллина къола динарш, йа доцца аьлча – оьздангаллех боьхна эпсарш хуьлура. Суьдах кIелхьарваккха лакхахь гергара хьаькамаш, доттагIий берг кхечу эскарехь гIуллакх дан вуьтура. Иштта суьдах кIелхьарваьккхина, Кавказерчу эскарехь гIуллакх дан кхуза хьажийнера эла Андронников.
Иза кавказхо вара. Кавказхо хилла а ца Iаш, нохчийн, гIалгIайн лулахо, гуьржи вара иза. Цунна дика хаьара ламанхойн гIиллакхаш а, амалш а. Зеламхина а, цуьнан обаргашна а хIун дийр ду ца хууш, областан администраци бIарзйелла хьийзаш, оцу балех иза кIелхьарйаккха шена некъ карийна аьлча, инарла Михеевс воккхавеш тIеийцира эла.