Граф Лорис-Меликов Теркан областан начальникан даржера дIаваьллачул тIаьхьа ткъе итт шо хан йаьллехь а, оцу хенахь хIокху даржехь масех стаг хийцавеллехь а, амма областан начальникан кабинета чохь xIapa бу ала хийцамаш ца хиллера. ХIетахьлера бустамаш даьхна когаш долуш, тIехула баьццара исхар тоьхна шуьйра, йеха стол. Иштта бустамаш дохуш хаза кечдина, лекха гIовланаш а, кIеда миндарш а долуш гIанташ. Пенах кхозуш империн, Кавказан, хIокху областан картанаш. Цхьа пен дIалаьцна безчу механ книгаш чохь йолуш, хаза йина шкаф. ЦIенкъахь стомма, кIеда персийн куз. Ткъе итт шо хьалха пенах кхозуш хиллачу Александр II суьртан меттана Николай II сурт а. Ткъе итт шо хьалха къона хилла кораш хьалхара дитташ а къанделлера.
Михеевс лерина ладоьгIура Андронниковн къамеле:
– Хьан локхалла, Зеламха а, цуьнан разбойникийн гIеранаш а, къуй а, талорхой а, кхиболу зуламхой а схьалеца йа хIаллакбан регулярни эскарш гIорасиз хилар хиъна вайна хIокху масех шарахь царна дуьхьал латточу къийсамехь. Обаргаш регулярни эскарш дац. Цара дуьненайукъахь тIеэцначу тIеман тактикица, низамца тIом ца бо. Обаргаш тахана цхьанхьа, кхана кхечухьа хуьлу. Цхьанхьа кIело а йой, вайн отрядашна тIетухий, вайна даккхий зенаш а дой, лаьмнашкахь, хьаннашкахь къайлабовлу. Цхьана дийнахь цхьаьний дуккха а гулло уьш, шолгIачу дийнахь, дIасабаьржий, тIепаза бов. Царна лаьмнашкара массо некъ, чIаж, хьех, бIов, тарх йевза. ТIе, уьш халкъо, йоIбIаьрг санна, ларбо. Говрара воьссича, тIемало вац гIалагIазкхи. Ткъа лаьмнийн тархаш тIехула говраш ца лелало. Вайн салтий а лаьмнашкахь тIом бан Iамийна бац. Кхузахь йолахойх вовшахтоьхначу таллархойн ханна отрядо динарг а вайна хууш ду…
Михеевна дика бевзара гуьржий. Уьш хабарна тIера а, говза а бара. ХIинцале а сагатделла инарла стоьла тIера схьаэцна къолам пIелгаш йуккъехь хьийзо вуьйлира.
– Хьайн ойла йоцца йийцахьа, эла, – элира цо, собар а кхачийна.
Андронников кхийтира инарлин дагахь долчух:
– Суна хетарехь, хьан локхалла, Зеламхина дуьхьал ламанхойх пайда эца беза вай. Вешан эскарийн дакъошна йукъа нохчий, гIалгIай, хIирий, гIебартой, гIумкий, суьйлий, къаьсттана Дагестански регулярни полкера суьйлийн дошлойн бIо йукъаозийча, пайдехь хир дара аьлла, хета суна. Зеламхас царах цхьаъ вийча, бисинчара, цуьнан чIир йоькхуш, Зеламха а, цуьнан разбойникийн гIepa а хIаллакйийр йара.
Михеевн велар иккхира:
– Хьуна дика йевза ламанхойн амалш, хьомсара эла. Амма церан истори хьуна дика ца йевза, моьтту суна. И ахь схьакхийдо тактика керла йац. Иза дуьххьара Шемалан заманахь йукъайаьккхинера Кавказан администрацис. ХIетахь Шемална дуьхьал, йа нийсса аьлча, нохчашна дуьхьал дегIастанхойн, гуьржийн, кхечу ламанхойн отрядаш вовшахтоьхнера. Ткъа 1877-чу шарахь нохчийн гIаттам хьошуш, вайн эскаршца дакъалецира дегIастанхойн, нохчийн, гIалгIайн, хIирийн, гIумкийн йолахойн отрядаша. Бакъду, тIамна жигара бацара уьш, амма талорашна тIехь йоккха жигаралла гайтира цара.
– ХIетахь тIом бара, хьан локхалла. Ламанан халкъашца. Ткъа таханлера хьал шатайпа ду. Зеламха а, цуьнан гIepa а, Iедална-м хьовха, хIокху махкарчу дерриг халкъашна а зуламе йаьлла. Зеламха дийна йа вийна Iедална тIевалийначунна ахь берхIитта эзар сом ахча кхайкхийна. Ткъа xIapa ламанхой, къаьсттана – нохчий – оцу мехах шайн да-нана а духкур долуш бу. Цундела, хьан локхалла, ламанхой вайна гIоьнна йукъаозор, пайде хилар бен, зене хир дац, моьтту суна. Зеламхина а, цуьнан разбойникашна а тIехь мостагIаллаш ду. Церан чIирхошца болх а жигарабаьккхича, дика хир дара аьлла, хета суна.
– И болх а оха беш бу, эла. Зеламхин коьртах ахча кхайкхийна а дукха хан йу. Цхьа а ца карийна тхуна оцу ахчанах кхел кхочушйан резахилла.
– ХIинццалц Зеламхина дуьхьал йинчу операцешкахь зеделла, – дуьйцура Андронниковс, – кхузахь ша гатвича, иза шен гIеранца ДегIастанахь, ХIирийчохь, Хевсуретехь къайлаволуш хилар. Цига некъаш дIакъовла деза цунна. Суна хетарехь, и Iалашо кхочушйан тIеман ницкъаш бац Теркан областехь. Кавказан наместнике ДегIастанара а, Гуьржийчуьра а эскарш вайна гIоьнна дахкийтар ахь дехча бакъахьа хетара суна. Уггар хьалха дегIастанхойн дошлойн бIо а боьхуш.
– Дика ду, эла. Оцу хьан идейна тIехь ас ойла йийр йу.
– Хьан локхалла, суна Iаламат хазахетар ду, нагахь санна сан идея вайн йукъарчу гIуллакхна пайден хилахь. Aмма операци мухха чекхйалахь а, сайн сийлахь декхар лору ас лаьмнийн чIажашкахь лечкъаш, тешнабехкаца адамаш дойуш лела Зеламха боху и кIилло а, цуьнан разбойникийн гIepa а, чхьаьвригаш санна, хIаллакйар. И Iалашо кхочушйеш, сайн Iожалла хилахь, айса дуьненахь йаьккхина хан эрна хетар йац суна!
– Баркалла, эла, сан цхьа а тайпа шеко йац хьан лаам цIенчу даггара хиларх.
БIаьста а, аьхка а, хьаннашкахь дитташ тIеxь гIа долуш, операци йар хьехочохь а дацара. Оцу хенахь массо дитт а, колл а шатайпа чIагIо йара обаргашна. Цундела дитташ тIера гIa доьжначу, хьаннаш йерзина йевллачу хенахь генеральни операци йан кечам бира областан администрацис. Кавказан наместникаца барт хилира Михеевн.