1910-чу шеран 25-чу сентябрехь Зеламха къайлаваьллачу меттигашка, Iacca хин лакхенга а, Жайрах чIожахула хьала а, йеа агIорхула эскарш тIететтира. БуритIара схьа – Апшеронски полкан рота а, саперийн взвод а, Веданара а, Соьлжа-ГIалара а схьа – дегIастанхойн дошлойн бIо а, полицин дошлойн бIо а, пулеметийн рота а, Ширвански, Самурски полкийн ши рота а. Тифлисера схьа Тионетски уезде гренадерийн батальон хIоттийра, Телавера схьа Маьлхаста йалийра драгунийн эскадрон а, цIеххьана миччахьа а кхосса лерина отряд а, пурстоп коьртехь стражникийн, полицин отрядаш а.
Зеламхин жимачу тобанна дуьхьал операцехь дакъалоцуш ши эзар сов салтий, гIалагIазкхий, суьйлий, гуьржий бара, шайца цхьаьна пулеметаш а, ламанан масех йоккха топ а йолуш…
2
Йалх шо дара Зеламхин доьзална шайн йурт Хорача ганза. Цо тоххара дог диллинера цунах. Цхьа Делан къинхетам хилла, йуьрта дирзича а, кIелхIотта тхов а ма бац церан. ЦIенош а, гIишлош а йогург йагийна, цайогург йохош, херцийна стражникаша. Бешана гонахара керт а ширйелла, кIез-кIезиг херцаш, охьа а йеттайелла, йахкайелла. Дола дан да воцуш йисина беш а къух даьлла лаьтта. Цхьадолу стоьмийн дитташ а, хIокхаьргарчу балин чIир кхобуш санна, дакъаделла. Церан долахь хилла даьхни а цхьадерш дoьxкинa, кхидерш гергарчарна дIадекъна. Церан цIенош хиллачохь лаьтташ кIуьрзо, куьрк санна, Iарждина пенаш бен дац, боху.
Ткъа хIара бархI адам – ши зуда а, йалх бер а – нехан хIусамашкахь буьйсанаш йохуш, сагIадоьхургаш санна лела. Дера, хIорш тIебуьссу, хIорш тIелоцу хIусамдай дика адамаш ма ду. ХIокхарна там бан ма гIерта уьш. Шаьш ца буий а, хIокхарна тоьлла кхача латто, шаьш цIенкъа буьйший а, хIорш кIедачу метта охьабийшо ма гIерта. ХIокхеран бераш хьоьсту. ТIаккха хIокхарна эхь ма хета хIусамдайх. Шайн бераш дилхича а, ловзадевлла гIовгIа йаьккхича а. TIе, хIорш тIелацар кхераме а ма ду. Iедална хиъча, хIусамда, лоций, Сибрех ма вохуьйту. Цкъацкъа берриг а доьзалца цхьаьна.
Мохьмадана а, Iумар-Iелина а, Лом-Iелина а хIун йу а ца хаьа Хорача. Уьш а, Ахьмад а цигахь а ца бина. ХIокху лаьмнашкахь маьI-маьIIехь дуьнен чу бевлла. Муслиматана а, Энистана а гIенах санна дагайогIу шаьшшиъ йина йурт. Цхьацца суьрташ дагахь дисина. Лулахойн шайн хенара бераш а, шаьшшиъ цаьрца левзина меттигаш а. Къаьсттана шайн цIенна гена доццуш, лекхачу ломах охьа, тIулгашна тIехула кхийсалуш, сетташ, хьийзаш догIу сирла татол. Цунах «ЙоьIан чIаба» олура наха.
ХIокху йалх шарахь дукха меттигаш йевзина Зеламхин доьзална. ЧIебарлахь, Органан а, Iассан а лакхенашкахь. Дукха хIусамаш хийцина цара. БIаьвнаш чохь а, тIулган хьехаш чохь а, жан гIотанашкахь а буьйсанаш йаха дезна. Оцу халчу дахарх боьлла уьш. ЧIебарлахь болуш Соипа дола дора церан. Масех шо хьалха салташа лаьцна Соьлжа-ГIала вуьгуш, Зеламхас кIелхьарваьккхинчу гатийуьртахочо. ХIокхарна ахьар а, дакъийна жижиг а, даьтта а, кIалд а, нехча а латтайора цо. ХIорш ЧIебарлара дIабевлча, наггахь вогIура. ХIинца, хIорш гIалгIайн махка гена бевлча, вогIучуьра сецна.
Шо гергга хьалха Зеламхица хIокхарна тIевеана Бийсолта. Иза жима ву хIинца а. ПхуьйтталгIа шо бен дац цуьнан. Делахь а, мел жима велахь а, шайца боьрша стаг волуш сапаргIат хуьлу ши зуда а, бераш а. Бийсолтас дийнахь а, буса а ха до царна. Белшах тесна топ лаьттах текха цуьнан. Турмал а хуьлу коча тосий, некха тIехь кхозуш.
ХIинца Маьлхастахь бу хIорш. Йуьртахь бац. Гена лаьмнашкахь, ширачу шина бIаьвна гонаха даьхни кхобуш бехачу маьлхийн масех доьзалехь туш карийна царна.
АрентIе вахана селхана цIа вирзинчу хIусамдас хабар деара хIокхарна, Зеламха лаца гулдеш эскарш ду аьлла. Иза-м дуьххьара а дацара. Зеламхина а, хIокхарна а тIаьхьа эскарша толлу итт шо ду. Делахь а Бийсолта сакх, сема хила веза. Сийсара набарна ши бIаьрг тIеттIа ца бахана цуьнан. ХIорш охьабийшина Iохкуш, кора кIел цхьа шах-ших хезна, топ йуьйлина, ларлуш ара а ваьлла, цIийнан го теллира Бийсолтас. Амма арахь цхьа а ца карийра цунна.
Зеламха волу меттиг ца хаьара царна. Иза доьзална тIеваза бутт сов хан йаьллера. Нагахь салтий схьагIортахь, Бийсолте хIара зударий а, бераш а ларлур ма дац. Цо Деле доьхура ваша шайна тIекхачавахьара бохуш.
Беци а, Зезаг а, шайгара баланаш бицбан гIерташ, цхьацца болх беш хуьлура. Шаьшшиннан а, берийн а бедарш летош, йуьттуш. ТIергIан тайх пазаташ, каранаш дуцуш. Дукхахйолу хан хIусамдайн гIуллакхаш деш йоккхура, цара мел дуьхьало йарах а.
Зеламха цIеххьана кхечира. ХIусамдайшца а, лулахошца а тIекаре а йина, маравоьллина Лoм-Iела а хьистина, тIаккха шайга рагI кхачаре хьуьйсуш лаьттачу шен берийн кортойх куьг хьокхуш, чекхвелира иза.
– ТIаккха, шун гIуллакхаш муха ду? – хаьттира цо Беце, Зезаге.
Зеламхина дика хаьара цаьргара хьал. ХIетте а хоьттура. Цхьаъ аьлла, къамел доло ма дезара. Бецин бIаьргаш, догIанан мархаш санна, кхоьлира. Амма шен дагара ца хаийта гIоьртина, халла балдаш озийна, йелакъежира иза.
– Хьо могаш-дийна хилчахьана, дерриг а дика ду. Хьуна сагатдо оха. Хьо лаца эскарш гулдеш ду аьлла, хабар кхаьчна тхоьга…