Йукъахара схьадаьстина цхьадолу герз Дошега дIаделира Зеламхас, амма, ша охьахууш, топ шена улло дIахIоттийра. Бехкалдаханчу цуьнан бIаьргаша шера схьабохура: «Хьох-м тешара со, хIусамда, амма хьо доттагI хиларх, мостагIий дуккха а бу сан. Уьш ма бу даим сема, сакх, ас дIа мел боккху ког тергалбеш. Хьанна хаьа, xIокху минотехь уьш хьан цIенна тIетекхаш бу-бац? Иштта ду обарган дахар – нехачул бIаьрг сирла, лерг сема, хьекъал ира, куьг каде, массо хIуманах ларлуш хила веза иза».
– ТIаккха, Зеламха, доьзалера хабар дуй? Хьан могашалла а муха йу?
– Дала могаш-дика кхобу со-м, Iела. Доьзалера хабар а дац. Шу хоьттуш Iийра со-м Iусмане.
– Дала деллачу хьолехь дохку тхо а.
XIopш вовшашка хьал-де хаьттина, дара-дацара аьлла, бовлучу йукъана араиккхинчу Iусмана шен кхоъ бен боцчу уьстагIех цхьаъ бийна, тилийна чубеана, дукъох боллучу мIерах васхал хьалаоьллира. Шаьш кхоъ вовшашка цхьацца хеттарш деш, къамеле ваьлча, Iелас даим шена дагахь лаьттачун ойла йора. Зеламха вуьйцу хезнера Iелина. Делахь а шен ойланашца иза мила ву, ца хаьара. Иза ша волчу хIунда веана хаа а сагатделлера цуьнан. Haхa дийцарехь, Зеламха oбapг ваьллера зударшна тIехула даьлла дов бахьанехь. Амма луралла хьаьрчина стаг лечкъаш лела, чIирхоша ша витталц, йа валлалц. Доьзалца йуьртах а волий, генна кхелхий а воьдий. Лурбоьллачу нахах наггахь бен ца волу талораш дийриг, ца ваьллачу денна, тIетовжа кхин меттиг ца хилча, дуучу рицкъана, тIедухучу барзакъна, герзана лорий. Иза къехка шена тIе кхин керла цIий дожарх. Цунна ца лаьа Iедал шена дуьхьалдаккха. Шера хаьа шина мостагIчух – чIирхойх а, Iедалх а – ларвала шен ницкъ кхочур боцийла. Лурвоьлла стаг деккъа шен цхьа са дадийна лела. Ткъа Зеламха? Обарг ваьллачул тIаьхьа керла масех цIий хьарчийна цо шех. Iедална зулам дарх-м муххале а ца ларлора иза, мелхо а, цунна дуьхьалваьлла. ХIан-хIа, луралла дац Зеламха Iедална дуьхьалваьккхинарг, къизачу хьаькамех а, цIубдарш санна, халкъах бекхачу хьоладайх а цуьнга бекхам оьцуьйтург. Кхин ду бахьанаш. Ткъа мила ву Зеламха? Нохчийн халкъ шен маршонехьа гIеттича, цуьнан коьрте хIотта а, и санна шайн маршонехьа гIевттинчу кхечу бусалба а, керста а халкъашца цуьнан барт кхолла а, иза паччахьан Iедална дуьхьал дига а ницкъ кхочур барий-те цуьнан? Дийцарехь, xIapa хьекъале велахь а, Iилманан oxIла вац. Майра, хьуьнаре, оьзда, хьекъале, амма бодане нохчо. Хьекъалан пайда ма бац, цунна уллохь Iилма ца хилча. Iилма а эрна ду, цунах пайда эца хьекъал дацахь. И ший а эрна хуьлу, оцу стагехь доьналла дацахь.
Оцу цIарна а цIейаханчу обарган даг чу, хьекъалан кIорге хьажа лаар дара Iелига иза ган сатийсийтинарг. Iела, ларлуш, хеттарш дан вуьйлира хьеше. Ткъа хабаре воцчу Зеламхас йуьхьанца халла бен жоп ца лора хеттаршна. Амма хеттарш тIаьхьо шен деган чевнех хьекхадала доьлча, хецавелира иза.